Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. Цийон-лам тІе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кІа, керла чагІар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кІорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац. «Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гІайгІанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду. Аса динан дайшна токхе кхача лур бу, Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», – боху Везачу Эло. Иштта боху Везачу Эло: «Оцу меттигах лаьцна аша боху: „Иза яссийна ю, кхузахь я адамаш а, я дийнаташ а дац“. Бакъду, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а я адамаш а, я бахархой а, я дийнаташ а дац. Делахь а, оцу меттигашкахь кхин а хезаш хир ду синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагІанаш Сан деза цІа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас хІокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Шуна тІехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тІехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хІоттийна, гІаланаш а адамех хьалаюзур ю.
Выбор основного перевода