Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. «Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – Со Исраилан халкъан массо а тайпанийн Дела хир ву, ткъа уьш Сан къам хир ду». Уьш Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. ТІаккха Ас шайн дайшна деллачу лаьтта тІехь дехар ду шу, шух Сан халкъ хир ду, ткъа Со шун Дела хир ву И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»
Выбор основного перевода