Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хІунда лору Ахь со Хьайн мостагІа? Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца, Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа. Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагІа хилира: Иза Ша цаьрца тІом беш дара. Ахьа мел динчу воно хьуна таІзар дийр ду, хьан тешнабехке хиларо хьуна тІехдеттар ду. Ойла ехьа, хаа ду хьуна, Везачу Элах хьо дІакъаьстина хилар а, Суна хьалха хьо ларамах дуьзна цахилар а, мел вон а, къаьхьа а ду иза». – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Цундела хьуьнхара лом царна тІе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цІоькъаберг а церан гІаланашна уллохь кІелхуур ю, царах араваьлларг ватІорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а». Исраилан а, ЯхІудан а халкъаша, шаьш кегий долчу хенахь дуьйна, Суна вон хеташ долу гІуллакхаш дина. Цу халкъаша Со оьгІазвахийтина, шайн куьйгашца цара мел лелийнарг бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – ХІара гІала йинчу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц кхуьнан бахархоша Со оьгІазвоьду хІуманаш лелийна, цундела хІара Сайн бІаьргашна хьалхара дІаяккха сацам бина Аса. Ас иза дийр ду, Исраилан а, ЯхІудан а халкъаша мел лелийна вонаш бахьана долуш. Цара а, церан паччахьаша а, баьччанаша а, динан дайша а, пайхамарша а, иштта ЯхІудан халкъо а, Ярушалайман бахархоша а и массо а вон гІуллакхаш леладора. Шайн юьхьан метта цара Суна букъ берзийна. Со уьш юх-юха а Іамо гІертахь а, цара Соьга ла а ца дугІура, шаьш Соьга нийсачу новкъа а ца буьгуьйтура. Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. Бен-ХІинам-тогІи чохь цара БаІална лерина сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагІина дІабалархьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхІудан халкъе къа латадайтира». qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Хqac*олчу хІоьттинчу хенахь сайн накъосташка кхайкхира со. Амма цара, ле а йина, Іехийра со. Сан динан дай, сан къаной, шайн са кІелхьардаккхархьама, шайна напха а лоьхуш, лечу хьола тІе бевлла. qac Гqac*онахарчу мостагІчо санна, секхаІад Цо тІехьажий. Куьг тІе а кховдийна, мостагІчо санна, бІаьргана мел безнарш хІаллакби. ЦІе санна йолу Шен дералла Цийонан йоІан четар чу Цо охьаІаний! qac Дqac*ІахІоьтти-кх Хьалдолу Эла мостагІа хилла, Исраилан мохк берриг а Цо хІаллак ма би. Цуьнан паччахьан гІишлош йохийна дІа ма ехи. Цуьнан ерриг а чІагІонаш дакъазаяьхна йити. ЯхІудан йоІ йолчохь долу латкъаммий, белхаррий хІинца чІогІа алсам Цо ма даьккхи.
Выбор основного перевода