Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь марсбаьллачу хІордо ен гІовгІа санна лаьтта тІехь мостагІа гІергІаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дІакхоллур ю. Цундела иштта боху Везачу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала: «Массо а урамашкахь белхар хир ду. Массо а некъашкахь мохь хьоькхур бу: „Маржа-яІ! Маржа-яІ!“ – бохуш. Латталелорхо латкъам бан, ткъа тийжаме назманаш ала говзанаш белха а тІекхойкхур бу. Кемсийн бошмашкахь а хир ду белхар, хІунда аьлча Со халкъана юккъехула чекхвер ву, шуна таІзар дархьама», – боху Везачу Эло. Декъаза бу Везачу Элан де тІекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций.
Выбор основного перевода