Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. ТІаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тІеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тІеозор ву. ТІаккха ас элира: «Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тІехь суна лерина яздина ду. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана бавелхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур вара Суна дуьхьал? «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». Іийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гІуллакх чекхдаккхар а. Цхьа а шен лаамца хІуттур вац динан коьрта да. Дала тІекхайкхина хила веза иза, АхІарон санна.
Выбор основного перевода