Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вотанашца самукъадаккхар а дІадаьлла, самукъадолучийн гІовгІа а сецна, пондарийн аьзнаш а дІатийна. Аса сацор ду ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хІунда аьлча хІара латта дассийна лаьтташ хир ду». Аса дІадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дІайойур ю. Аса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз. Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цІинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а – дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу. Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Іехийнера массо а халкъаш».
Выбор основного перевода