Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Везачу Эло боху: «Хьалха хилла хІуманаш дага а ма леца, дІадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е. Иштта, тІекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чІагІо йийр йоцу. Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тІехь дехар ду».
Выбор основного перевода