Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а халкъаша эр ду: „ХІун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чІогІа цІе хІунда яьлла?“ Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». Нагахь санна хьайга хІун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дІа а теттина, кхечу деланашна аша гІуллакх даре терра, хІинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гІуллакхаш дийр ду аша“». ХІара вон халкъ Сан дешнашка ладогІарх дІакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тІаьхьахІутту, царна Іамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хІокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хІуманна пайденна боцуш бина дІахІиттор бу. Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хІуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгІазло хир ю кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу алу санна›’. цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггІуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягайора, гунаш тІехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гІуллакхашна доггІург Ас токхур ду царна“». Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». Царна жоп луш, эр ду: „Иза дина, шайн Везачу Дала бина барт дІа а теттина, кхечу деланашна Іибадат а деш, царна Іамал а еш, уьш лелла дела“». Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цІушна тІебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ – ахьа ала деза: „Вайна тІекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тІекхаьчча, хІораннан дог, Іадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дІадаьлча санна, охьагІур ду, хІораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогІа, и хаам тІекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цІушна хьарам Іибадат деш.
Выбор основного перевода