Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала суна берриг ницкъ а ло, ткъа Цо сан некъ нийса а бо Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту! Тхан доІанаш Хьуна дІахеза. Муьлхха а адам Хьуна тІе догІу. Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Іийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахІитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цІа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кІелхьардаккхар дуьненан массо а маьІІе кхачийта». Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю, Сайн байракх ойур ю Ас царна, тІаккха цара куьйгаш тІехь шайн кІентий а, белшаш тІехь мехкарий а схьабахьар бу. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тІетовжийла ма ю. ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац». Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хІуманашна Іибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Іибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин!
Выбор основного перевода