Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма со Везачу Элера йолчу оьгІазлонах вуьзна ву, и оьгІазло соьга сайна чохь ца сецало». ТІаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгІазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тІе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тІе дІаІанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тІе. Цундела иштта боху Везачу Эло: «Аса яккхий халонаш хІиттор ю ЯхІудан халкъана тІе. Цу халонех когаш а тийсалуш, дай а, кІентий а охьабетталур бу, лулахой а, доттагІий а хІаллакьхир бу». ХІордан йистерачу гІамарал а дукха хир бу бисина болу зударий. Делкъахенахь хІаллакдийриг вохуьйтур ву Аса церан къонахойн наношна дуьхьал. ЦІеххьана тосур бу Аса царна тІе кхерам а, къемат а.
Выбор основного перевода