Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан бІаьргаш адаман некъаш тІехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го. Сан къиношна тІера дІаверзий, сан харцонаш дІаяхахьа. Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь. Везачу Элан бІаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо. Хьуо дикка цІандан гІертахь а, хьайна тІе дуккха а саба хьекхахь а, хьан къинан заралла Суна хьалха лаьтта, – боху Хьалдолчу Эло. – Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гІуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бІаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хІоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггІург дІало. Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Іалашонаш а гучуйохур ю. ТІаккха Дала хІоранна а хастам дІалур бу. Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
Выбор основного перевода