Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагІий схьабаьхкина, хІуманаш хІаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дІакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Іаш вац. Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кІентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хІаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“». «Адаман кІант! Хьуна дукхаезашъерг хьоьгара схьаяккха воллу Со. Иза кестта лийр ю, амма хьо гІайгІане лела ца веза, бІаьрхиш дийла ца деза хьан бІаьргех. Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чІогІа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дІа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа». Іуьйранна аса нахаца къамел дира. Цу суьйранна сан зуда кхелхира. Ткъа шолгІачу дийнахь Іуьйранна аса Везачу Эло сайга аьлларг дира. Халкъо соьга элира: «Алахьа тхоьга, и дерриг а тхуна хІун маьІна долуш хІума ду?» Ткъа аса цаьрга элира: «Соьга Везачу Элан дош кхечира, Исраилан халкъе дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан дезачу цІийнах шу дозалла деш делахь а, иза шун чІагІо елахь а, иза шуна хьежа лууш йолу меттиг елахь а, иза шуна баккъал дезахь а, Со иза бехдан воллу. Ткъа аша битина болу шун кІентий а, зудабераш а туьро хІаллакбийр бу. Ткъа аша Яхьазкхиала диннарг дийр ду: шайн мажош аша къайлайохур яц, тийжаран кхача а аша буур бац. Шун кортош тІехь йихкина чалбанаш хир ю, когахь шайн мачаш а хир ю шун, шу тийжар а дац, доьлхур а дац, амма шайн къинош бахьана долуш телхар ду шу, вовшашна хьалха даккхий синош а дохуш’.
Выбор основного перевода