Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш Іейндарахь байинера, ткъа церан декъех лаьттан кхелли хиллера. Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю. Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дІасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Іохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тІехьа Іохкуш долу хьаькхна кІа санна, Іохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“». Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Цара „Тхо стенга гІур ду?“ аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТІаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, туьро вен леринарг туьрана гІур ву, мацаллех вала леринарг мацаллина гІур ву, ткъа йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву. Деа тайпана таІзар дийр ду Аса царна, – боху Везачу Эло, – уьш байъийта тур а, церан декъий дІасаийзадайта жІаьлеш а, стигалара олхазарш а, къиза акхарой а церан декъий даийта. Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Іохкуш хир ду Везачу Эло хІаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дІабухкур бац. Уьш лаьтта тІехь Іохкуш хир бу, кхо санна. уьш байа гІерташ болчу церан мостагІашка Аса дІалур бу. Церан декъий стигаларчу олхазарийн а, лаьттарчу акхаройн а даар хилла дІахІуьттур ду.
Выбор основного перевода