Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дІакъастийначух хІумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цІена воцучу хенахь царах хІумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хІумма а веллачунна сагІина дІа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтІахь хилира со. Ахь суна тІе мел диллинарг кхочушдира ас. Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чІогІа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дІа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа». Цара Везачу Элана чагІаран сагІа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагІанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цІа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна.
Выбор основного перевода