Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гиччош долчуьра шайн месаш дІа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга. Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догІмаш тІехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла. Аюба, хьала а гІаьттина, шена тІера хІуманаш этІийра. Шен месаш дІа а лергина, голаш тІе а хІоьттина, суждане вахара иза. МицІпа-гІала Шехемара а, Шилунера а, Шамранера а везткъа стаг веара, кІен сагІанаш а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а яхьаш, Везачу Элан цІа долчохь сагІа даккхархьама. Цара массара а шайн мажош дІаяьшнера, шайна тІера хІуманаш а этІийнера, шайна чевнаш а йинера. Шайн сингаттам а гойтуш, Іази-гІаларчу наха шайн кортош дІадошур ду, Ашкхилун-гІалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПІелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догІмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама? я воккха стаг а, я жима стаг а, я йоІ а, я нана а, я бер а. Хьаж тІехь билгало йолчу цхьана а стагах шу дІа ма хьакхало. Иза хІокху Сан цІенна тІера дІадоладе». ТІаккха цара и хІума Делан цІенна хьалха Іаш болчу къаношна тІера дІадолийра.
Выбор основного перевода