Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигална кІел хуьлучу гІуллакхашна юкъахь хІара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тІаьхьа уьш а беллачарна тІаьххье дІабоьлху. Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра.
Выбор основного перевода