Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тІехь шу сихха хІаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хІаллакдина дІадохур ду. Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду. Везачу Эло шу дІалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кІезиг бен дийна дуьсур дац. Аша цигахь кхечу деланашна Іибадат дийр ду. И деланаш адамаша шайн куьйгашца бина хир бу дечигах а, тІулгах а, царна хІумма а ца го, хІумма а ца хеза, цаьрга хІумма а яа ца ло, царна цхьа а хьожа а ца йогІу. Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаІа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бІаьргашкахь кІаддалар а латтор ду шуна. Нагахь санна хьайга хІун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дІа а теттина, кхечу деланашна аша гІуллакх даре терра, хІинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гІуллакхаш дийр ду аша“». Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дІахІоттор ю Аса Ярушалайм, яхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун кІанта Маннаша динарг бахьана долуш. Аса уьш, мостагІийн лолле дІа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дІабохуьйтур бу. Сан дералло цІе латор ю, ткъа оцу цІеро уьш дІакхоллур бу».
Выбор основного перевода