Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача. Шен возаллица чІагІо йора Хьалдолчу Эло: «Шу коьжалгашца, ткъа шун биснарш мІерашца текхор болу денош шуна тІедогІур ду», – бохуш. ХІунда дуьту Ахь адамаш, хи чуьра чІерий а, шайна тІехь олахой боцу текхаргаш а санна? Хашадхоша уьш берриш а мІерашца хьалабоху, цара шайн бойнашца дІа а лоцу, уьш шайн эвнаш чу схьа а гулбо. Цу бахьанина хазахетар а хилла, баккхийбеш бу уьш. Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцІенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кІело йина, цІий Іанорхьама. ХІорра а шен вешина речІа югІуш ву. «Суна тІаьхьахІитта, – элира цаьрга Іийсас, – ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». Кхин а Стигалийн Олалла Іам чу чІерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чІерий лелха.
Выбор основного перевода