Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цІуш схьа а гулбина, уьш хІаллакбийр бу. Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цІушна тІебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Оцу озо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара меттиг Сан Іаршан меттиг а, иштта Сан когийн кІело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хІара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цІе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Іамал ярца а, шайн сагІа доккхучу гунашна тІехь шайн паччахьийн декъий дІадохкарца а. Цара шайн неІсагІа Сан неІсагІина улло хІиттадора, иштта шайн неІарш Сан неІаршна улло хІиттайора. Тхуна юкъахь цхьа пен бен боццушехь, цара Сан еза цІе сийсазйохура шаьш лелочу вочу хІуманашца. Цундела Сайн оьгІазвахарца дІакхаьллира Аса уьш. ХІинца цара Суна уллора дІадаккха деза, Суна тешаме а боцуш, шаьш кхечу деланашна Іамал яр а, шайн паччахьийн декъий а, тІаккха Со царна юкъахь массо а хенахь вехар ву. Цо кхечарна динчу гІуллакхашка хьажжий, дІадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дІадекхалаш цунна. Цо шайна чагІар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагІар кечде аша цунна.
Выбор основного перевода