Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу, меца лелларш, буьзна, садоІуш бу. Бер ца хуьлуш йолчо ворхІазза бер до, ткъа дукха кІентий болуш хилларг синца эшна ю. Амма цІеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хІума хьуна тІе догІур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хІуманаш кхоччуш хьуна тІе догІур ду. Цара эр ду: «ХьалагІовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тІамца цунна чугІуртур ду вай». Амма тІаккха эр ду: «Жолам! ХІинца тІаьхьа ду: суьйре тІееана, суьйренан ІиндагІаш дахлуш ду. Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“. Амма хІинца шун нана юьхьІаьржачу хІуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кІезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду. Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху сан Хьалдолчу Эло – дийнан делкъехь Ас малх дІахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тІе бода боссор бу.
Выбор основного перевода