Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кІажаш. Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Іойтур бу. Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц». Цундела Аса шу, кху лаьтта тІера дІа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дІадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Іамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“». Аса шу, мостагІийн лолле дІа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дІадохуьйтур ду, хІунда аьлча аша Сан оьгІазаллин цІе самаяьккхина. И цІе массо а ханна йогур йолуш ю». ЯхІу-Яхин цІе йолу хІара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХІунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дІа? Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагІ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гІоьнца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».
Выбор основного перевода