Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чІагІо йо. Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло. qac Кqac*qac хqac*оччуш дика бу суна Хьан товрат-хьехам, деших а, детих а дина эзарнаш ахчанал. qac Пqac*айда эцарца сан дог самукъа а доккхуш, массо а ханна Хьан бакъонаш сан долахь ю. qac Шqac*ена йоккха са яьлларг санна, воккхавеш ву со Хьан чІагІонах. ХІунда ву Хьо цецваьлла волу стаг санна? Хьо цхьа а кІелхьарваккха ницкъ боцучу тІемалочух тера ву. Амма Хьо, Веза Эла, тхуна юкъахь ву, Хьан цІе тхуна тІехь лаьтташ ю. Ма дитахьа тхо Хьайгара гІо доцуш! Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьайна хьалхара гуш дерг дІадаа, дІадаа и хьарчийна тептар. Цул тІаьхьа, ваха а гІой, Исраилан халкъе вистхила». ТІаккха Аса сайн бага гІаттийра, Цо соьга и тептар дІадаийтира. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьайн кийра Ас хьайга дІалучу хІокху тептарх буза, иза дІа а кхаллий». И тептар аса дІакхаьллира, тІаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дІахІоьттира. Аса, оцу маликана тІе а вахана, цуьнга дийхира: «Лохьа соьга и тептар», – аьлла. Малико соьга элира: «ДІа а эций, и тептар даа. Хьан кийрахь иза къаьхьа хир ду, амма хьан багахь, моз санна, мерза хир ду и». Маликан карара тептар схьа а эцна, аса и диира. Моз санна, мерза дара иза сан багахь. Ткъа аса и тептар диъча, сан кийра къахьбелира.
Выбор основного перевода