Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тІелетар ву. Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кІел гІур ву. Цу месех кхозлагІа долу дакъа, гІалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гІалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гІалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тІаьххьара дакъа мохехь дІасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тІаьхьавер ву. Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гІала, Іожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгІа долу дакъа мостагІийн туьро хІаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгІа долу дакъа Аса массо а маьІІе дІасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагІий а бохуьйтур бу. ТІаккха ас элира: «Шун дуьхьа кхин Ас уьстагІий дажор дац. Леш берш лойла, хІаллакьхуьлуш берш хІаллакьхуьлийла, ткъа бисинчара вовшийн декъий доийла».
Выбор основного перевода