Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бІаьрг бахьана долуш пІелаштамхошна бекхам бан». Хьан дуьхьа лов аса сайна бо тІехбеттамаш, дерриг а со, юьхьІаьржачу а хІуьттуш. Сан вежаршна хийра хета со, сан ненан кІенташна геннара хета со. ХІунда аьлча Хьан цІийне болчу хьагамо вагош ву со, ткъа Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш суна тІе эгадо. Ткъа со Хьуна вевзаш ву. Хьуна со гуш ву, Веза Эла, сан дог Хьайца муха ду а хаьа Хьуна. Дайа дезаш долу уьстагІий санна, дІакхехьа уьш! Байаран де тІекхаччалц дІакъастабехьа уьш! ЮьхьІаьржачу хІиттабехьа сан мостагІий, ткъа со юьхькІайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргІат хилийтахьа. Царна тІе бохаман де тІедаийтахьа, уьш кхоччуш хІаллакбехьа. Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тІемало санна ву. Цундела сан мостагІийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Іалашо кхочушхир яц, уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду.
Выбор основного перевода