Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьал совдаккхар а доцуш, Хьайн халкъ Ахь дІадоьхки, цунах беллачу мехах Ахь пайда а ца ийци. Везачу Эло хІара боху шен халкъе: «ХІумма а йоцучу хІуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу». Ткъа хІинца хІун ду Сан кхузахь? – хоьтту Везачу Эло. – Мах а ца луш, йийсаре дІадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угІуш бу, – боху Везачу Эло. – Дерриг а дийнахь Сан цІе емалъеш лаьтташ ю. лаьмнаш тІехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагІашна дІалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду. Кху гІалин массо а бахам церан мостагІийн кара дІалур бу Аса. Къахьегарца гІалин халкъо мел гулдинарг а, гІалин массо а еза хІуманаш а, яхІудхойн паччахьийн хазна а мостагІийн кара дІалур ю Аса. Цара и массо а хІума хІонс санна Бавеле дІахьур ю.
Выбор основного перевода