Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. «ЯхІудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цІушца яхІудхошка къинош летадайтира цо. Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хІинца Аса бохам тІебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхІудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегІах зуз даллал цец а воккхуш. Айса Шамран-гІалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цІенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гІалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цІан а йина, Іункар хІоттош йолу пхьегІа санна, цІанйийр ю Аса Ярушалайм. Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагІийн кара дІа а лур бу. ХІонс санна хир ду и адамаш церан мостагІашна. Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гІуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хІинццалц схьа Со оьгІазъэхийтарна». Иштта, Маннаша яхІудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цІий а Іанош, Ярушалайм-гІала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цІийх юьзира. Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хІуманаш бахьана долуш, Веза Эла чІогІа оьгІазвахийтинера. ХІинца а ЯхІудан халкъана оьгІазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. Со царна туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца тІаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дІа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу.
Выбор основного перевода