Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Ткъа Ярми-ЯхІух лаьцна Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Аданехула тІедиллинера: «Иза схьа а лахий, цуьнан дола де. Цунна цхьа а тайпа вон а ма де, амма цо мел аьлларг де», – аьлла. Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хІокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дІаван лаахь, дІавола, аса Іуналла дийр ду хьуна тІехь. Нагахь хьайна цига дІаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХІара дерриг а латта хьуна хьалха Іуьллуш ду, хьайна луъучу метте дІаваха пурба ду хьуна». Ярми-ЯхІу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу гІо, Бавелан паччахьо массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна тІехь хьаькам хІоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дІагІо». Ярми-ЯхІуна яа хІума а, совгІаташ а дІа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира.
Выбор основного перевода