Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шу тешаме дац, сан вежарий. Сиха йоьдучу хин Іоврех болччул бен тешам бац шух, Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту. Уьш гІунаш тІе бахча, царна хи ца карадо. Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу. Дог а доьхна, юьхьІаьржачу а хІиттина, цара шайн кортош къайладоху. Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац, хьан йоьхна меттиг меттахІотталур яц. Хьайн чевнашна хІунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. хІунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхІуд-махкана а дІакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза».
Выбор основного перевода