Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь ирхдугІур ду уьш, амма мохо дІасахьур ду уьш. Ткъа чІогІачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду. Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гІойла», – бохуш. Цундела хІоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Іойла уьш. ХІаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тІамехь туьраца байийла. Хийра нах Ас Бавелан къомана тІегІуртуьйтур бу. ИрхдугІучу хенахь кегаш мохо дІахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тІе бохам бечу дийнахь массо а агІор оцу махкана го бийр бу цара. «Со ма вара шун массо а гІаланашкахь мацалла ХІоттийнарг а, шун массо а ярташкахь ялта цатоар ХІоттийнарг а, делахь а Суна тІе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – Шина-кхаа гІалара нах хи малархьама цхьана гІали чу гуллора, амма шаьш Іаббалц ца малалора цаьрга иза. ТІаккха а тІе ца дирзи шу Суна», – боху Везачу Эло. «Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тІе. ЦІазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тІе ца дирзира шу. Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тІедаийтира. Шун кегий нах туьраца хІаллакбора Ас, дой йийсаре дІа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерІуьргашка еттайолуьйтура. ТІаккха а Суна тІе ца дирзира шу», – боху Везачу Эло. «Ас шуна юкъахь бохамаш бора, Седам-гІала а, Іамор-гІала а йохош Айса бина бохамаш санна. Ткъа шух биснарш, цІергара схьадаьхна хьокхий санна, бара. ТІаккха а Суна тІе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо».
Выбор основного перевода