Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хаза хьожа йогІучу хІуманан метта боьха хьожа йогІу хІума хир ю, доьхкаран метта муш хир бу, хьийзинчу месийн метта – кІунзал, синкъераман бедаран метта – сингаттаман духар, хазаллин метта хІост хир ду. Цара эр ду: «ХьалагІовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тІамца цунна чугІуртур ду вай». Амма тІаккха эр ду: «Жолам! ХІинца тІаьхьа ду: суьйре тІееана, суьйренан ІиндагІаш дахлуш ду. Аса шуна шу хІаллакден берш бохур бу шуна дуьхьал, хІораннан а карахь герз а долуш. Ткъа цара хьан уггар дика долу баганан дитташ, схьа а дохуш, цІерга кхуьссур ду.
Выбор основного перевода