Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тІе Хьайн оьгІазалла иштта хІунда юссуьйту Ахь? Мисархошка хІунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тІера хьаькхна дІабаха а“. Хьайн оьгІазло дІа а яккхий, дохко а валий, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ. Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Іахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагІа даьккхира, Исраилан халкъана гІо доьхуш. Цуьнан доІа Везачу Элана дІахезира. Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дІадаха Іамор ду. Иштта, Везачу Эло дІатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тІе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дІа а белира уьш. ТІаьххьара а Шена гучуьра дІа а бехира Везачу Эло исраилхой. Динан дайшна юкъахь Муса а, АхІарон а вара, ткъа Шамъал а вара Цуьнга кхойкхучарна юкъахь. Цара Везачу Эле доІанаш дора, Цо царна дуьхьал жоп а лора. Везачу Эло уьш хІаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дІахІоьттира, Везачу Элан дералла нах хІаллакбечуьра дІа а ерзийра. Аса Сайна уллора юхатоттур ду шу, шун гергара йолу Эпрайман тІаьхье юха-ма-таттара“». Сан четар хІаллакдина, массо а цуьнан тІергаш дІаяьхна. Сан бахархой со йолчуьра дІабахана, уьш кхузахь кхин бац. Четар дІахІоттош суна гІо дан стаг а вац, иштта четаран шаршуш дІатоха стаг а вац». Везачу Эло элира: «Нагахь санна хьо Суна тІе юхаверзахь, Аса юхаметтахІоттор ву хьо, кхидІа а хьоьга Сайна хьалха гІуллакх дайтархьама. Нагахь санна ахь дуьйцург мехала делахь, нагахь санна иза эрна дацахь, хьо кхин а Сан туркх хир ву. И нах хьуна тІе оьхуш хир бу, амма хьо царна тІе ваха ца веза. Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кІелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кІелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло. Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, – дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кІелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кІелхьардоккхур дацара».
Выбор основного перевода