Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. Аса хьо хІинца чІагІйина гІала санна, аьчка бІогІам санна, йоьза пен санна, хІокху лаьтта тІехь дІахІоттийна. ЯхІудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву. Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кІелхьар а воккхур ву». Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тІемало санна ву. Цундела сан мостагІийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Іалашо кхочушхир яц, уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду.
Выбор основного перевода