Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а. Оцу массо а гІуллакхел тІаьхьа аш Соьга ла ца догІахь, шун къиношна Ас ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна. Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац. Цул тІаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугІуш ца хилахь, Айса ден долу таІзар ворхІазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. Шуна тІе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хІаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду. Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дІакъахкош стаг а воцуш. Иштта Изабалах лаьцна Везачу Эло боху: „ЖІаьлеша юур ю Изабал ИзраІал-гІалин пенна уллохь. Ахьабан цІийнах верг гІалахь велча, иза а жІаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зІакарш еттар ю“». Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. Хьо, вир дІа-ма-йоллара, дІавуллур ву, хьан дакъа, Ярушалайман кевнал ара а даьккхина, охьакхуссур ду». Со дІахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тІехиъна «Іожалла» цІе йолу бере вара, шена тІаьхьахІоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгІа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.
Выбор основного перевода