Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хІора гІалара цхьацца стаг а, иштта хІора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тІе дуьгур ду. Иштта боху Везачу Эло: «ТІедерза хьайна лаахь, Суна тІедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цІу Суна хьалхара дІаваккхал, кхидІа ца тилаяйттал, Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхІудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДІалахкахьа Со волчуьра и нах, дІабахийтахьа уьш. Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дІа а тотту, Суна лерина хІуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дІа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дІа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хІума лелорца Цара Со а бехво. Далла улло гІо, Иза а шуна улло вогІур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цІанде.
Выбор основного перевода