Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву! Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тІера дІадовр ду. Делах хьоьгу сан са – дийна волчу Делах. Маца дІавахалур ву те со, Далла уллохь а волуш, Цунна Іибадат дан? Таршашан а, хІордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хІума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгІаташ дахьар ду. Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. ЦІунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту, ткъа дашо пхьеро цунна тІе деши а дуьллу, дато зІенашца иза кеч а во. Хьалахьаьжча, суна хІара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гІодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ.
Выбор основного перевода