Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? «Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гІо лаца веана волчу. Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац. Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хІуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац. Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хІунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву». Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таІзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу!
Выбор основного перевода