Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь мел бинчу кІенташна юкъахь цхьа а вацара хьо дІайига. Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь цхьа а дацара хьан куьг схьалаца. «ДІасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг, хьайн хІусамийн шаршуш дІаяржае! Юха ма оза! Четар чІагІдеш долу машшаш дІахеца, ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чІагІде! Цхьа бохам вукху бохамна тІаьхьа богІу. Массо а мохк дамардарц хилла Іуьллуш бу. ЦІеххьана сан четарш хІаллакдина, цуьнан шаршуш бІаьрганегІар тохале йоьхна. Иштта боху Везачу Эло: «Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хІунда аьлча цуьнан бераш дІадевлла ду».
Выбор основного перевода