Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо хин тІадамаш Шена схьагулдо, ткъа, догІа а литтина, царах дохк до. Мархаша шайн тІуналла охьаІанайо, шортта догІа охьадогІу адамашна тІе. Цхьа а ца кхета, мархаш муха дІасаяржайо Дала, иштта Шен хІусамна тІера стигал муха къекъайо Цо. Везачу Элан аз ду хезаш хиш тІехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хІордаш тІехула. Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз. Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо. Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло. Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам, акха бугІа санна, ирхлоьлхуьйту. Стелахаьштиг схьатуьйсу Везачу Элан озо. Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо. Кхадеш цІе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло. Сешка кІорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту Везачу Элан озо. Везачу Элан цІийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу. Цо дуьненан йистошкара мархаш гІиттайо, догІа догІуш стелахаьштигаш тухуьйту, Шен хІума дІаюьллучу меттера мох арабоккху. Хаставейша Иза уггар лекхачу стигалша а, иштта хІаваан тІехула долчу хиша а.
Выбор основного перевода