Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу. Ала тхоьга, хІун хир ду йогІучу хенахь, тІаккха тхуна хуур ду, шу деланаш дуйла. Диканиг я вониг цхьаъ де, тхо цецдовлийта а, кхерадалийта а. «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. Шайн белшаш тІе а вуьллий, дІахьо цара цІу. Шен метта дІахІоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кІелхьар а ца воккху. ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац». Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цІуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла.
Выбор основного перевода