Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла, ткъа Іелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаІалан цІарах хаамаш бора, хІумма а йоцучу цІушна суждане оьхура. «Декъаза бу, Сан уьстагІий хІаллак а деш, дІаса а лоьхкуш лелаш болу Іуй», – боху Везачу Эло. Цундела Шен къомана тІехь Іуналла дан дезаш болчу Іуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагІий дІасалаьхкина, аша царна Іуналла а ца дина. Цундела Аса таІзар дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагІий санна, дара. Церан Іуша, нийсачу новкъа тІера дІа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дІасалаьхкинера уьш. Лам тІера гунна тІе довлуш, шайн Іаш йолу меттиг а йицйина, дІасалелара уьш. «Адаман кІант, исраилхойн Іушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Іуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо! Шайна тІехь Іу воцу дела, и уьстагІий дІасадаьржира, цул тІаьхьа уьш хІора экханан ижу хилла дІахІоьттира. Сан уьстагІий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тІехула уьш дІасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гІерта“. Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! «ХІара пайхамар сонта ву, – боху цара – Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагІалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела.
Выбор основного перевода