Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Баккъалла а, иштта хир ю вочун хІусам, Дела къобал ца винчун цІа иштта хир ду». Хьо къобал ца вечу халкъашна тІе хьажаехьа Хьайн оьгІазалла, Хьуна Іамал ца ечу пачхьалкхашна тІе хьажаехьа Хьайн дералла. ХІунда аьлча цара Якъубан халкъ дІакхаьллина, иза Іаш болу мохк а бохийна. Дан-гІала йолчуьра мостагІийн говрийн хур дар схьахеза. Церан дой терсарна берриге а мохк бегаш бу. Уьш схьабогІуш бу, мохк а, цунна чохь мел ерг а, иштта гІала а, цунна чохь вехаш мел верг а хІаллаквархьама». Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагІаша бохура: „Тхо бехке дац, хІунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Іаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Іаш бара“. «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьІІехула дІасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дІакхаьллина, тІаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьІахкаш аьтта».
Выбор основного перевода