Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду. Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду. Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу. Сан дегІ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а, Дела – сан деган чІагІо а ю, абаденналц сан дакъа а ду. Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а, беркат Латториг а, бохам Бийриг а. Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хІуманаш. Вай мехах ПаргІатдохург Исраилан Веза Дела ву, ткъа Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту, ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту. ТулгІенаш чІогІа гІоьргІуьйтуш, хІорд карзахболуьйту Аса, Сан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. Амма уьш ПаргІатбохург чІогІа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гІуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гІайгІа а кхуллуш». Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Выбор основного перевода