Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо цхьаммо стигал дІасаяржайо, Иза ву хІордан тулгІенаш тІехула лелаш верг. ЯхІудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира. Баркалла ала Хишна тІехь латта ЧІагІдинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Лаьттан гон тІехула йолчу Іарш тІехь Іаш ву Иза, адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха. Цо стигал дІасаяржийна, дуткъа кІади санна, чохь Іан дина четар санна, дІахІоттийна иза. Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш туху, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху. ХІора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХІора куьпчи ша винчу цІуно юьхьІаьржачу хІоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Іаь а, са а дац. Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тІепаза йовр ю. Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Выбор основного перевода