Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Оqac*нда чІагІбо Везачу Эло адаман некъ, цо йоху гІулчаш Шена тамехь елахь. Іеса стаг кхоьруш дерг цунна тІедогІур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду. Адаман гІулчаш Везачу Элера хуьлу дела, шен некъ стаге муха къасталур бара? Хьан лаамехь волчун некъ нийса бу, Веза Эла, Ахьа нисдо цуьнан некъан тача. ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦІенна чуьра пхьегІаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гІарбашаша а царна чуьра чагІар мийлира. ХІумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тІулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеІар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира.
Выбор основного перевода