Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Іаш верг муьлхха а. Хьажал, уьш хІумма а яц! Церан гІуллакхаш а пайда боцуш ду. Мох а, яьссалла а ю церан цІуш». Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тІулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хІунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тІебеача, цара бохур ду: „Тхо кІелхьардахахьа!“ Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа». ХІора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХІора куьпчи ша винчу цІуно юьхьІаьржачу хІоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Іаь а, са а дац. И цІу а – Исраилан халкъо дина хІума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цІу долу эса дохор ма ду!»
Выбор основного перевода