Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла. Цо дерриге а къаьмнашна тІехь олалла до. Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХІордана гонах гІамаран доза дІахІоттийнарг Со ву шуна! ХІорд оцу дозанал тІехбаьлла цкъа а дІасабаржийта мегар дац. ТулгІенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгІенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“. Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а. Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара: Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хІаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса». Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Іилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла? Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цІе а хьан язйийр яцара? ХІунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тІе а даьхкина, Хьуна хьалха Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гІуллакхаш тхуна гучу ма девлла».
Выбор основного перевода