Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ас элира: «ХІара бу сан бала: Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар». «Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Іало со, хІунда аьлча суна коьман маІа хезна, тІеман маьхьарий суна ма хезна. Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоІан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яІ! Сан са малделла дІадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!». ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгІазло дІакхоьхьур ю, сан гІуллакх цхьалха а даьккхина, суна тІехь Цо кхел яллалц. ТІаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю.
Выбор основного перевода