Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш хьалха Іийначу Мисар-махкахь хилларг а, хІинца Ас шаьш дуьгучу КанаІан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тІе ма эцалаш. «Шайн Везачу Дала шайна лун долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, кхечу халкъаша лелийна боьха гІуллакхаш дан ма Іамалаш. ДІаІе айхьа лелочу молханашца а, хьайн дерриге а бозбунчаллашца а, ахь жима йолуш дуьйна лелийна уьш. Цара хьуна гІо дан а там бу, цара хьан мостагІий Іадо а там бу. Хьо кІадъелла, хьайна дукха хьехарш дарна. Хиндерг хаархьама стигалш дІасайоькъучаьрга а, стигаларчу седарчех дерг толлучаьрга а, хІора баттахь хьуна хиндерг дуьйцучаьрга а, шайн метта схьа а хІиттина, хьо кІелхьаръяккхийта. Уьш чен юьхкаш санна ю: цІеро уьш багор бу! Цаьрга ур-атталла шаьш а кІелхьар ца бахало цІерах. Ша вохвалархьама кІоранах йолу цІе иза хир яц, уллохь хиъна Іархьама йолу цІе иза хир яц.
Выбор основного перевода