Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бІаьрзе веш верг мила ву? Со – Веза Эла вац? ДІагІо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Іамор ду хьуна ала дезарг». Мусас элира: «Веза Эла! Хьайна луъург кхиниг вахийтахьа сан метта». Веза Эла Мусана оьгІазвахара, Цо элира: «Левин тІаьхьенах а волуш, АхІарон цІе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогІур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду. Ахьа шега аьлларг цо дІаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Іамор ду шуна аша дан дезарг. Хьан метта АхІарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву. Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тІаккха Ас Шена тІедиллинарг нахе дІаэр ду Цо. КІега сан бетах а Іоьттина, цо элира: «ХІара хьан бетах хьакхабелла, хІинца хьан бехк дІа а баьккхина, хьан къиношна гечдина». Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхІу, Аса йогуш йолу цІе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цІеро уьш дІакхоллур бу. ТІаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара.
Выбор основного перевода