Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Іахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хІаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тІера иза дІаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цІе кхин ца яккхийта». Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву. Везачу Эло жоп делира: «Аса хьо дикачу Іалашонна билггал паргІатвоккхур ву. Бохам тІе а беана, бала тІехІоьттинчу дийнахь Аса хьан мостагІашка хьоьга дехарш дойтур ду.
Выбор основного перевода